ТIекхочийла долу линкаш

Иттаннаш нах байина Пакистанехь


Ши эккийтар дина Еарин дийнахь Пакистанерчу Кветта олучу гIалахь. ТIаьххьара болху хаамца, и бахьана долуш вийна 90 сов стаг. Иттаннаш нах лазийна бу.

80 стаг а вуьш, эккхийтар дина биллиард ловзучу клубана уллехь. Iедалшна хетарехь, и тIелатар хилла шиIаташна дуьхьал хьажийна. Иза шена тIелаьцна «Лашкар-э-Джангви» олучу радикалан суннитийн тобано.

Хьалхо кхин цхьа эккхийтар хилла меттигерчу базаран кертахь. Цигахь 11 стаг вийна, 30 чевнаш хилла ву. И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина Белуджистанан автономи шоръяйта гIерташ йолчу националистийн тобано.

Цул сов, 22 стаг а вуьш, 80 лаза а веш, кхин цхьа эккхийтар дина оццу дийнахь Сват олучу меттехь а. И зулам динарш тIалибаш бу аьлла хета Iедалшна.
XS
SM
MD
LG