ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обамица Вашингтонехь цхьаьнакхетта Карзай


Iамеркан президент Обама Барак Вашингтонехь цхьаьнакхетта ОвхIанистанан куьйгалхочуьнца Карзай Хьамидца. Царшимма дийцаре динарг дара 2014-чу шарахь ОвхIанера коалицин эскарш арадаьхначул тIаьхьа цигахь Iамеркан эскархой бисарх лаьцна долу хаттар.

Обамас а, Карзайс а динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, царшимма дийцаре динарг дара кхерамазаллах лаьцна барт бар аьлла. Цу берто билгалдоккхур ду ОвхIанан Армина кхерамазалла ларйеш Iамеркан эскаран дакъоша дийра дерг.

Цу хеннахь, ПIераскан дийнахь, ОвхIанистанехь Баджис-провинцехь вийна мийна дIаяккха гIоьртина волу Испанин салтти. Цу провинцехь дIатарвина ву 400 Испанера эскархо.
XS
SM
MD
LG