ТIекхочийла долу линкаш

Боснехь бусулба нах байарна 20 шо хан тоьхна Кувел Божидарна


ТIеман зуламашкахула йолчу Боснерчу кхело, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина сербийн полицин белхахо хилла волу Кувел Божидар. Цунна бехке диллинарг ду 1995-чу шарахь Сребреница-гIалахь бусулбанаш бойуш дакъалацар.

41 шо долу Кувел Божидар бехке вина адамаллана дуьхьал зуламаш дарна. Кхело бинчу талламца а догIуш, Кувела а, цуьнан куьйгакъеллахь хиллачу наха а къиза бусулба нах байина Сребреницина генайоццуш йолчу Кравица олучу эвлахь.
XS
SM
MD
LG