ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьший Соьлж-ГIалахь синагога йилла?


Нохчийчоь -- Маьждиг а, синогога а цхьана лаьттара Соьлжан бердашца, 1937
Нохчийчоь -- Маьждиг а, синогога а цхьана лаьттара Соьлжан бердашца, 1937

Соьлж-ГΙалахь, жуьгташна тΙекарло еш, синагога йилла дагахь ю Нохчийчоьнан администраци. Шу реза дуй, мехкан бахархошлахь жуьгтий бацахь а, иза хΙотто оьшу бохучуьнца? Шуна муха хета, заманан хьашташца а йогΙуш, Ιедало йоккхуш гΙулч ю иза я пиар-кампани ю?

Хетарг довзийта кху телефонашкахула: Праге зΙе тухуш - код +420, ноьмар 724019832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Иштта имейл даийта а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org
XS
SM
MD
LG