ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан эскаршна - иммунитет?



ОвхΙанистанан президента Карзай Хьамида дΙахьедина Ιаьмеркан эскарш шайн махкара тΙедогΙучу шарахь дΙадахча царех бухадиса тарло дакъош меттигерчу кхелийн юрисдикцех мукъадахарх долу низамаш дийцаре дийр ду 8-9 бутт баьлча аьлла. Оцу хьокъехь барт хуьулуш бац цкъачунна Вашингтонанний, Кабуланний.

Ιаьмеркан эскарийн цхьа а дакъош дуьсур дац ОвхΙанистанехь, нагахь санна уьш бухарчу кхелашна хьалха жоьпаллехь а долуш совцуш делахь, аьлла дΙахьедина хьалхо Обама Барака. Цо дΙакхайкхийна лаам бу, эскархошкара дала тарло зуламаш церан цΙахь таллар а, ишттанаш Ιаьмеркан кхелашкахула чекхбахар а.

Дийцарийн хьалхара мур дΙабаьхьна Вашингтонехь, шолгΙаниг дΙахьор бу Кабулехь.
XS
SM
MD
LG