ТIекхочийла долу линкаш

"Iаьрбийн бIаьсте" кхаьчна Пакистане



Пакистанан Лакхарчу кхело мехкан премьер-министр Первез Ашраф Раджа лаца тΙедожийна пачхьалкхан ницкъаллин урхаллана. 24 сахьт ду омра кхочушдан къастийна. Цуьнца цхьана лаца кхайкхийна кхин а 15 лаккхара хьаькам. Царна бехке до мехкан энергетикан хьашташ кхочуш деш къоланаш дар. Первез Ашраф Раджа министрийн кабинетан коьрте кхачале хинан а, электроэнергин а министр лаьттина. Оцу хенахь, ши шо хьалха, кхаьънаш эцна цо белхан бакъонех шена пайда а беш, боху кхело.

Ткъа ша Первеза бакъ ца до иза, цуьнан гΙоьнчаша конституцица догΙуш дац кхело и лаца кхачор, чΙагΙдо.

Эзарнаш нах а гΙовттош, махкахь лелачу харцонашна дуьхьал Ιеламча ТΙахΙир-уль-Къадри Мухьаммада валарца дузу Первез лаца кхачор эксперташа. Исламабадехь Парламентна хьалха гулбелла нах баккхийбе мехкан телехьожийлехула кхелера хаам кхачна.
XS
SM
MD
LG