ТIекхочийла долу линкаш

Францоша хIаллакбо Малера исламхой



Мали-махкарчу исламхошна дуьхьал ша даьккхина эскар 750 салтичух, эпсарх лаьтта, билгалдаьккхина Францин президента ХΙолланд Франсуас.

Абу-Дабехь, оцу эскаро куп тоьхначу базехь довзийтина цо и терахь. Эскарш деношкахь кхин а дебар ду, хьал меттигерчу ницкъийн карадерзалц, элира, Малехь меттигерчу ницкъашна юкъа тΙемаш боьлча, цига шен ницкъаш хьажийначу францойн президента. Стиглара бечу тΙеΙаткъамо шен болх бина, исламхой юхабовлуш бу шаьш Малин Ιедалера хьалха схьадаьхначу латтанаш тΙера, хаам бира ХΙолланда.

Францин интервенци къобалйина оршотдийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацийн Кхерамзаллин Кхеташоно.
XS
SM
MD
LG