ТIекхочийла долу линкаш

Стенах велла Щекочихин?



Францера токсикологаш талла лерина бу 2003-чу шарахь оьрсийн журналист, политик Шекочихин Юрий муьлхачу бахьанийца кхелхина. Шинарий дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-секретара бина и хаам, «Щекочихин Юрийн валар цхьанненнан а карах нисделла дац», алла, тΙе а чΙагΙдеш.

Оьрсийчоьнан парламентан депутат вара Щекочихин. Цуьнан валар аллергиях нисделла, бохура хΙетахь оьрсийн эксперташа. Амма цуьнца цхьана болх бинчу «Керла Газетерчу» журналисташна хетарехь, Нохчийчохь тΙемаш болон бахьана лохуш, Ιедало ша Москох цΙенош лелхийтина, бохуш, цо чΙагΙдарна вийна иза. «Керлачу Газетан» редакторо Муратов Дмитрийс, хеназа дерзийна зераш, элира Талламан комитетан пресс-секретаран къамел туьдуш.
XS
SM
MD
LG