ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамзаллин хьукматна тIелетта тIалибаш



Бала арабевлла тΙалибаш тΙелетта ОвхΙанистанан Кабулехь лаьттачу къоман кхерамзаллин урхаллана. Чоьхьарчу гΙуллакхийн министра хаам бина, ялх шахΙид ву тΙелеттарг, аьлла. Кабулерчу полицин куьйгалхочо Саланги Аюба тоьшалла до, тΙелеттачех цхьаьннан бен аьтто ца баьлла ша-шен эккхийта, важа пхиъ шаьш герзаш тоьхна хΙаллаквира, бохуш. Лоьраша бахарехь, бахархойх 30 стаг кхаьчна, чевнаш а хилла, дарбан цΙеношка.

ТΙалибийн пресс-секретара МуджахΙид ЗабиуллахΙа дΙахьедина, тΙелеттарш шайн нах бу, аьлла.
XS
SM
MD
LG