ТIекхочийла долу линкаш

Пакистанерчу коррупцица къийсало халкъ



Пакистанерчу Ιедалера коррупци емал еш гΙевттинчу нахана хьалха ваьллачу Ιеламчас ТахΙир-уль-Къадри Мухьаммада Исламабадехь дΙакхайкхийна, шена махкахь бΙаьста хинболу харжамаш цΙена хуьлийла лаьа, уьш иштта хилийта оьшу нийсонехьа долу низамаш оьшу, аьлла. КхоалгΙа де ду Исламабадехь гуламаш лаьтта. Цигахь лидера Къадрис бехке бо Ιедалхой церан дозанал арахьарчу банкашкахь къайладаьхна хьарам ахчанаш ду бохуш.

Дукха хан йоццуш, ша маситта шарахь ваьхначу Канадера цΙавеъча, Ιедалехь ехачу коррупцина резабоцучарна хьалхавелира ТахΙир-уль-Къадри Мухьаммад. Ιеламчана резабоцучара даржадо, цунна агΙо латтош махкара эскархой бу, бохуш. Иза бакъ ца до ша Къадрис.
XS
SM
MD
LG