ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Адаман кхелехь



Украинерчу Одессехь кхело левеш волчу нохчочо Осмаев Адама юхаэцна еарийн дийнахь суьдхошна хьалха ша а, шен накъостий а Путин вен арадевлла дара аьлла, шо гергга хьалха ша дина хилла тоьшалла. ХΙетахь шега низамхоша етташ дийцийтинера иштта, цул совнаха «суна пхенех наркотикаш а еттара, соьгара доцург доккхуш», дΙахьедина Осмаевс.

Цхьана цΙа чохь эккхар а нисделла, лецира дахначу шеран юьххьехь иза а, цуьнца казахстанхо Пьянзин Илья а. Петар чохь хиллачу чевнех велира цхьа стаг - нохчо. И нах Путин Владимир вен кечамаш беш бара, даржийра Украинерчу урхаллаша.

Осмаевца дуккха а харцонаш лелийна бехк толлуш а, кхеле бала бух кечбеш а, элира Маршо Радиога хьалхо Осмаев Адаман адвоката Черток Ольгас а. Кхел йоьрзучу кхаьчна бохуш бара Украинера кхочу хаамаш. Амма Чиллан-беттан 4-гΙачу дийнахь ша шен болх меттахΙоттор бу аьлла дΙакхайкхийна хΙинца кхело.
XS
SM
MD
LG