ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадтоьхначул а оьшу кад боьттинарг


Маларо бохьу бала, фотоколлаж
Маларо бохьу бала, фотоколлаж

"Къаьркъан кедаш" а, царна малар духкурш а леха даьлла Нохчийчохь Iедал. И рогIера кампани дIахьош гергаоьзна махкара массо а пропагандан гIирсаш - газеташа дуьйцу, телехьжийлаша гойту карадаьхкина масалш. Ша, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ву оцу барамийн коьрте ваьлла.


Тахана, Нохчийчу веъначу хьешан цхьана а меттехь аьтто бац синкъераман "молха" - малар карон. ХIора ах сахьт, сахьт моссаза долу а Соьлж-гIаларчу кафеш чу а , ресторанаш чу а талламаш бан оьху полисхой а, мэрин белхахой а. Малар царна чохь молуш стаг каравахь, бен а дац иза цо ша деънехь а, я цу чуьра эцнехь а, иза а, оцу цIийнан долахо а дIавуьгу хьехамаш бан а, гIуда тоха а.

Цхьана буса Соьлжа-гIалахь дIалецна нах гIалин администрацин гIишлош чу а балийна, тIехьажийна видеокамераш а йолуш, довдира республикан куьйгалхочо. Духкучуьра схъадаьхна тайпа-тайпана маларш а дара. Зударий а, божарий а йоккха зал чохь лаьттара, кортош охьа а бахийтина. Царна ма-хуьллу эхь хетийта гIерташ, уьш чехабора Кадыров Рамзана. Меттигерчу телехьожийлехь гайтина и видеокийсик махкахь оцу сохьта гIараелира. Дукха наха телефонаш чу а язйина.

Кадыров: «Тховса мовлидан бут болалуш бу аьлла, Пайхамар дуьненчу ваьлла аьлла, дуьненахь массо а наха, мовлидаш йоьшуьйтуш, сагIанаш дохуш лелачу хенахь, шу къаьркъанаш дохка арадевлла цхьадерш, вуьйш мала арабевлла. Эхь а ца хетий шуна! Мелла да чу а веана, оьзда доцу хабарш а дуьйцуш, шайх лета а леташ - иза мегий шуна? Аш нах ма бу хьийзош. Дала неIалт аьлла долчу кепара сом муха доккху? Делан неIалт хуьлда иза молучунна а, дохкучунна а аьлла хилча, иза муха духкура ду?»

Дийнахь шина сахьтехь, Iуьйранна 8 сахьт даьлча 10 сахьт даллалц бен болх бийр бац Нохчийчохь маларш духкучу туьканаша. И омра кхин мал а дийр дац шаьш боху Iедалша. Хьалха а дара низам изза, амма, тIаьххьарчу шарахь мел а кIадделлера и гIуллакх. Малар мьулххачу а хенахь эца таро яра Соьлжа-гIалахь.

Ярташкахь, бакъду, маларш ца духку дикка хан ю. Яьккхий гIаланаш, уьш, юкъара меттагаш хиларна, цигахь дохкарца а, маларца а хьал паргIато дара. Ткъа хIинца юха а чIагIо яр доьзна ду боху хIокху Рабби-уль-Авваль баттахь Мохьмад-Пайхамар дуьненчу валарца. Цунна лерина махкахь кестта дIахьор ду даздарш. Кхайкхина бу баккхий Iелам нах а, динан дай а.

Цул совнаха, корта бахочу маларшца долу чIагIдарш дозу Оьрсийчохь хIара шо доладелча дуьйна йий дохкар цхьана кепе дерзорца. Магийна дац хIинчулла тIаьхьа дай малар лоруш долу иза буса дохка. Оццу чIагIдаршна юкъадахна чагIар а, къаркъа а, кхидолу маларш а.

Нохчийочьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзан, ша республикан урхалле хIоьттича дуьйна а, шен ма хуьллу, маларшца, аьлча а, иза дохкарца а, маларца а долу гIуллакх цхьана семана тIе дало гIерташ ву. Малар махкахь дIадаккха хала дац, амма вукху агIор лаьтташ Оьрсийчоьнан низамаш ду. Церан Iуналлехь республика нпрокуратура ю. Низамехь боцу сацамаш республикерчу Iедалша бешшехь цунна духьало йо цигахь.

ГIараевллачу дуьненаюкъарчу курорташкара туристаш Нохчийчу марзбан гIертар а, малар дохкаран гураш гатбар а цхьаьна догIуш дац. Цхьаммо эр ду, масала, Iаьрбийн Эмираташкахь а ма ду и хIума лелаш - меттигерчу бахархоша молуш дац, амма тIебаьхкинчу хьешашна магош ду. И масал нийса ца хета цхьаболчу тергамхошна. Нохчашна цкъа а ца хиина, кхиндолчу къаьмнашна санна, юккъерчу барамех тоам бан.

Цундела, ах ийман а долуш хила йиш яц нехан: дийнахь - молуш, буьйсанна - молланаш.
XS
SM
MD
LG