ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказ: кIиранан бIаьрла хиламаш


Фуллер Элизабет -- журналист, Къилбаседан Кавказан эксперт

Фуллер Элизабет -- журналист, Къилбаседан Кавказан эксперт

Нохчийчохь хьаннаш хьакхар а, гуллуш йолу нехаш йистахъяха гIирсаш ца хилар а дийцаре дира Кадыров Рамзана Гегзгмашан беттан 8-чу дийнахь керла президент хоржу хан ю луларчу ГIалгIайчохь. Евкуров цу даржехь вуьсур ву я керла куьйгалхо хир ву цу республикехь? Дагестанерчу ГIизлар-кIоштан куьйгалхо хIоттийна Махачев Гаджи. Оцу даржехь мел Iийр ву иза?

Даханчу шинарин дийнахь Кадыров Рамзана схьагулъйинера Магомадов Лоьма куьйгалле а хIоттош, ша даханчу кIирнах кхоьллина МаьIданийн, Iалам лардаран а министралла. Цигахь дийцаре дира, тIехьажар доцуш хьокхучу хьаннашца а, республикехь гуллучу индустрин а, хIусамаш чуьра а нехаш схьагулъен а, уьш кегош-къасторан а меттигаш ца хиларца а доьзна хаттарш. Цу хьокъехь Маршо радион экспертана Фуллер Элизабетна дагадеара и хаттарш хьалха а дийцина хилар.

Фуллер: Масала, 5 шо хьалха, 2007-чу шарахь Шахтамировс тидаме йиллинера Кадыровс хIокху кIирнахь йийцаре яьккхина хилла шина проблема: маьхкадаьтта даккхаро хIаваъ бехдар, наха хIусамашкара дIакхуьйсу а, индустрех а, гIишлошъярех а юьсу нехаш дIакхуьйсу меттигаш билгалъяьхна ца хилар а. Шарахь 300,000 куб-метрна тIе кхаччалц нехаш гулло Нохчийчохь. Уьш цхьа а къастош яц, я, экологина уггар доккха зе ден и хIума йистахъяккха боккхуш ког бац.

Маршо радио: ХIетте а коьрта тидам, яслучу хьаннашна тIеберзийна бара. Цул сов, 50, 000 гектарна тIера шира дитташ дIа а дохуш, церан метта синтарш дегIа деза, элира Кадыров Рамзана. Ткъа уьш, цкъачунна, республикана арахьара чудохьуш ду, вуно беза мах луш.

Хьаннаш ер муьлхачу кIошташкара долор ду ца элира Кадыровс. Оцу хIумано дагадоуьйту, оьрсийн паччахьан заманахь нохчий къарбан Iалашонца, оьрcийн салташка нохчийн хьаннаш шуьйрачу барамехь хьек[ийтар. Магомадовн хьtсапехь, шарахь 2 миллион кубметр дечиг хьакхар – йоцачу хенахь пайде хIума хир ду. Кадыровна цу тIера са а ер ю. Амма, боху, Фуллера, оццул дукха хьаннаш цхьанаметта хьакхаро керла проблема кхуллур ю – лаьмнийн басешна эррози йийр ю. Цуьнца а тIаккха цхьаннен къийса дезар ду.

Оцу юкъанна, луларчу ГIалгIайчохь керла президент харжарна кечам беш бу. Хууш дац цигахь боккъалла а харжамаш хир б я, баханчу баттахь «Коммерсант» газето яз ма дар, ГIалгIайчоь дуьххьара федералан субъект хир ю республикан куьйгалхо парламенто хаьржина йолу.

Меттигера бахархойх кхоьллина тоба ю куьйгаш гулдеш, гIалгIайн хьалхара президент хиллачу Аушев Руслане харжамашкахь дакъа лацар доьхуш. 58 шо долчу Аушевс оцу хаамна цхьа а мах хадийна цкъачунна.

Карарчу хенахь Евкуров Юнусбек ву гIалгIайн президент. ХIетахьлерчу оьрсийн президенто Медведев Дмитрийс 2008-чу шарахь ГIадужу беттан 31-чу дийнахь оцу даржера хIоттийра Евкуров, Зязиков Мурат дIаваьккхина шолгIачу дийнахь. Я Евкуровс а ца боху, ша и дарж къовса шолгIа а хьожур ву-вац.
Маршо радион эксперта Фуллера элира

Фуллер: Аушев республикан куьйгалле кхойкхуш вовшахтухуш йолу дуьххьара кампани яц хIара. 2008-чу шеран аьхка, гIалгIайн къоман Зязикове болу цабезам шен лакхене кхаьчча йолийнера дуьххьарлерниг. Амма гIалгIайн оппозици юхаелира, 2008-чу шарахь МарсхIокху беттан 31-чу дийнахь Евлоев Мохьмад вийча, Аушевс кадам ца бича.
Аушевс президентан дарж къовса сацам бахь хаттар кхоллало, муьлхачу политикан партино гIортор йийр ю цунна? Цхьааллин Оьрсийчоьно Путинан кандидатура къобалъйийр ю.

Маршо радио: ХIокху кIирнахь уггар дагахь доцчу кепара хилира Махачев Гаджи Дагестанерчу ГIизларан кIоштан куьйгалле хIоттор. ГIизлара кIошт, лулара Хасав-юртан кIошт санна, исламисташ жигара болу кIошт ю. Цуьнан дуьхье кхиа гIерташ, Маршо радион эксперта Фуллера Элизабета элира, шен декхаршца лара а ца велла, масех баттахь дIаваккха тарло.

Фуллер: Магомедов Мохьмадсалам сел чIогIа шена оьгIазвахийта хIун дина Махачевс? kavpolit.com сайто ма-аллара, Махачев цуьнан метта хIотта там болуш ву – дIа а, схьаа дийцар бен ца дуьсу – «политикана генаваккхар» а, даржехь лахвар а доцург, кхин кхетош хIума дац хаамийн гIирсашкахь.

Маршо радио: Баханчу баттахь риадагестано цунна тIе а тевжаш яздинера, цо, вовшашна бIостанехьа йолу ши ойла кховдорах лаьцна. КIоштийн а муниципалан а депутаташ шина муьрехь бен къоман векалш хила бакъо ца хилар низамехь чIагIдарехьа ву иза. И низам болх бан долалахь, уггар хьалха иза хьакхалур ду ХIинжа-гIалин мэрах Амиров СаьIидах.

Цул сов, Махачевс аьллера цу артиклехь, «хIора кIоштан, гIалин а куьйгалхо хьажа веза, юкъараллехь барт беш, къахьега. Вайн къаьмнашна юкъа питана ца тийсийта».

ХIинца дуккха а нехан йиш хир ю Махачевс шен дражехь хIун до, шен хьехар кхочушдеш.
XS
SM
MD
LG