ТIекхочийла долу линкаш

Алжирерчу закъалтхойх хилларг хууш дац




Ингалсенан премьер-министра Кэмерон Девида дΙахьедина пΙраскан дийнахь шайн парламентехь, Алжирерчу закъалтхошца дерг дерзанза ду, и «хьал шийла а, ледара а ду», аьлла. Цо бахарехь, Алжиран ницкъаш лар эцна боьлху террорхошна тΙаьхьа, «Аменас газ» цΙе йолчу фирманан декъа тΙехь лохуш бу закъалте лецна нах а.

Закъалтхошлахь бу ингалсхой, алжирхой, кхин а 7 пачхьалкхера бахархой. Кэмерон реза вац Алжиро фирмехь болх бен нах лецначу герзахошна дуьхьал, дуьненна а ца хоуьйтуш, операци йолорна. Францино а хаийтина, Алжиро и барамаш болош шена а ца хаийтина, аьлла. Иттех махкара белхахо ву Мали-пачхьалкхарчу исламхошна Франци тΙелатарна резабоцчу герзахоша Алжирехь лаьцнарг.

Официалехь а доцуш даьржина, уьш берраш а санна, мукъабахаран операци Алжиран Ιедало йолийча кхелхина бохуш. Ткъа Алжиро хаам бина, шен ницкъаша 18 террорхо вийна, аьлла.
XS
SM
MD
LG