ТIекхочийла долу линкаш

Буданов вуьйш гина теш вадийна




Москох полковник Буданов Юрий вер толлуш кхеле озийначу Темирханов Юсупан адвоката Мусаев Мурада дΙахьедина талламашкахь алссам бакъдерг гучудаккха таро йолуш хилла теш Евтухов Александр доьза вайна, аьлла. Мусаевс бахарехь, иза тΙаьххьарчу деношкахь маситтаза сецийна полисхоша, кхучу урхаллаша, цо кхелехь дечу тоьшаллаша цунна зе дийр дуйла а хьехош. ХΙинца гергарчарна хууш дац мичахь ву Евтухов. Телефон цуьнан яйъина ю, боху адвоката Мусаев Мурада.
XS
SM
MD
LG