ТIекхочийла долу линкаш

Кавказхой, ма дийла хелха!



Ставропол-гΙалахь кхо Кавказан къаьмнийн векал лаьцна шайн къоман хелхар дар бахьана долуш. Цхьанна цхьа эзар ах эзар сом гΙуда тоьхна, вукху шинна 15-15 де-буьйсу тоьхна лаьцначохь такха. И хаам баржийна шахьаран Ленинан кΙоштан полицино. И кхо жимха «Мажор» олучу хелхаран цΙенна герггахь ваьлла хилла хелха. Полисхоша бахарехь, хелха бовлуш, тΙараш диттина а ца Ιаш, шозза травматикан тапча а кхоьссина цара.
XS
SM
MD
LG