ТIекхочийла долу линкаш

Алжирерчу закъалтхой хилларг хууш дац



Алжирерчу кхерамзаллин ницкъашна ваьгначу 15 стеган дакъа карийна цигарчу газан комплексехь. Хууш дац, уьш закъалтана лецна нах бу я Мали-махкара тΙом сацабе аьлла арабевлла тΙемалой бу. Кхо де хьалха Ιедалан ницкъаш тΙелетира газан комплексера белхалойн лецначу герзахошна. Алжиран ницкъийн хьостанаша чΙагΙдо, хΙинца а дуккха а тΙемалой бу комплексна гонахарчу гΙишлош чохь лечкъаш, бохуш.

Алжирин хаамийн гΙирсаша дΙахьедора пΙераскан дийнахь, шайн пачхьалкхан ницкъаша 18 тΙемало вийна, бохуш. Ткъа тΙемалойн хьостанаша велла аьлла кхайкхийра 35 закъалтхо. Вашингтоно хаам бо, шайх хилларг хууш доцчу закъалтхошлахь 30 Ιаьмеркахо ву бохуш.
XS
SM
MD
LG