ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIазакхех эскарш деш ву губернатор



Краснодар-мехкан губернатора Ткачев Александра гΙалгΙазакхийн хан тобанаш герзашца чΙагΙъян сацам бина. Бакъоларъярхоша иза емалдо. Шен твиттерехь Ткачевс хаам бо, ша и сацам мохк ларбен гΙалгΙазакхий ма-оьшшу ницкъалахь хилийта тΙеэцна, бохуш. 200 зулам а, 30 эзар административан харцо а юхаяьккхина оцу наха, боху Ткачевс.

Губернаторан сацам къобалбеш къамелаш деш политикаш а бу Москох. Ткъа бакъоларъярхошна хетарехь, Ткачевс шенна лерина, шен дарж чΙагΙдеш леладе хΙума ду гΙалгΙазакхий бакъонашца полицин могΙара бахар.
XS
SM
MD
LG