ТIекхочийла долу линкаш

Коьртачу тешана а ца вевзина Буданов верна бехке веш волу Темирханов


2011-чу шарахь вийначу Буданов Юрийн гIуллакх таллар кхин а чолхе долуш ду. ШолгIа тешана а ца вевза Буданов верна бехке веш лаьцна волу Темирханов Юсуп.

Москох-гIалин кхелехь вистхуьлуш, Буданов вийнарг гина а, лоьрийн сиха-гIоьнан машен а, полици а кхайкхийнчу, коьртачех волчу тешо Евтухов Александро шена «и стаг цкъаа гина вац» - элира, шега адвокато и стаг вевзий аьлла хаьттича. Оццу хенахь, Евтуховс билгалдаьккхира, ша герз диттинчу меттигана 15-20 метр генахь лаьтташ хилла хилар.

Евтуховс чIагIдарехь, «славянийн амалехь» волу и стаг маситтаза герз а тоьхна, машена а хиина, дIавахара. Цул сов, «машен а, талламхоша юьйцург яц. Иза кхин тайпа а яра, цуьнан тIехье кхечу куьцехь яра» аьлла Евтуховс.

Темирхановн адвокато Мусаев Мурада талламхой бехке бира, цара тешана тIеIаткъам барна. Кхеле вале Евтухов шен гергарчарца а, адвокаташца а зIене волуш ца хилла. Мусаевн хьесапехь, кхеле дийца дезарг хьоьхуш, цара боккха тIеIаткъам бина тешана. ХIетте адвокатан дIахьедар хьесапе эца дуьхьал хилира кхелан суьдхой.
XS
SM
MD
LG