ТIекхочийла долу линкаш

23 шо долу студент зудабер хьийзорна а, ерна а бехке бечу кегий нахана тIехь кхел йолаелла Делихь


23 шо долу студент зудабер хьийзорна а, иза ерна а бехке бечу кегий нахана тIехь кхел йолаелла Индин коьртачу Дели-гIалахь. Кхеле озийна 5 стаг ву.

Талламхойн хьесапехь, цара и зубаер а, цуьнан тIехьийза кIант а автобусана чу такхийна, къиза етта а йиттина, зуда хьийза а ийна, цуьнца хилла жимма стаг автобусана чуьра аракхоьссина. И хIума хиллачул тIаьхьа шен бинчу ницкъах и жима зуда елла.

Бехк-биллархоша уьш байа кхел еха тарло. Зуда хьийзош дакъа лаьцна ялхолгIаниг – кхиазхо хиларна, цуьнан гIуллакх кхиазхойн кхелехь къастор долуш ду.
Цу къиза динчу зуламо йоккха гIовгIа эккхийтина Индехь. Шуьйра дуьхьалонан акцеш дIаяьхьна ерриг а пачхьалкхехь.
XS
SM
MD
LG