ТIекхочийла долу линкаш

Мирзаевн кхел ца хуьйцуш йитина Москох-гIалин кхело


Москох-гIалин кхело хийца а ца хуьйцуш дитина, латаран къовсадаларийн дуьненан чемпион волчу Мирзаев Расулана хьалхуо кхайкхийна хилла таIзар. Мирзаевн карах веллера, цуьнан тIехьийза йоIаца эвхьаза забарш йина хилла, 19 шо долу Агафонов Иван.

Даханчу 2012-чу шарахь, Лахьанан баттахь Москохан Замоскворецкий кIоштан кхело ши шо хан тоьхнера цунна набахтехь яккха, ца хууш стаган лен чов ярна.

Спортхо кхелан хIусмаехь мукъаваьккхира, цо кхел йоьдучу юкъана яьккхина хан а лерина.
Агафоновна гергарнаш цунна луьра таIзар доьхуш бара.
XS
SM
MD
LG