ТIекхочийла долу линкаш

Евкуров Юнусбекан цIе йоккхуш, Сипсо гIалара бахархой арабаьхна шайн петарш чуьра


ГIалгIайн президент Евкуров Юнусбек

ГIалгIайн президент Евкуров Юнусбек

Федералан Iедалш дукха хенахь дуьйна дIахьочу "Тишъелла гIишло" цIе йолчу программийца керлачу цIенош чу баха лууш бац ГIалгIайн махкара Сипсо гIалара бахархой. Оцу тIегIан тIехь, церан дар-дацар а иккхина, тишъелла гIишлош ю бохуш долу церан петарш йохо баьхкинчу Iедалан векалшца. Адвокаташа а даре до, Iедалша церан бакъонаш а йохош хиларна.

Рабочая 100 цIе йолчу, шозза тIекIал йолчу гIишло чуьра бахархой, арахь буьйсанаш йогIуш болу. Уьш, ша берш, «Тишъелла гIишло» цIе йолчу федерала программина юккъе бахана бу.

Доьхьала, Iедалша, Яндаре олучу царна гена йоцучу оьвлахь чохь Iан петарш елла. Амма, керла дину цIенош чу бах лууш бац Сипсо-гIалара бахархой. Мелхо а, кхелехула, шаьш шай меттехь битийта гIерта уьш. ХIинца, церан къийсам, гена доьвне баьлла.

Масех де хьалха, бахка а баьхкина, полицийн а, администрацийн векалш а, белхалошцаний цхьа цIа вовшахдаккха буьйлабелла. Иза дан церан бакъо ца хилар тоьшалл деш ду, бутт хьалха, меттигерачу кхело, и дов шаьш листалца, цIа метах а ма даккха, цу чу, дIаяьккхина йолу газ а юхло аьлла, тIеэцначу сацамо.

Тхоьвнаш тIера шифер дIаяьккха буьйлалушшехь, цу меттехь дар-дацар иккхира полисхойн а, меттигерачу бахархойн а.

Оцу гIишлонна чуьра цхьаболу доьзалш керлачу метте дIабахан, Iедалшца шаьш къийсадаларх туолам баккхалур боцийла а хууш. Амма, бухахь биснарш, чIагIо йина бу, цхьана чакхене кхаччалца латта.

Цхьа зуда, ша шена тIе бензина а доьттина яга гIоьртира, амма, тIейоьттинарг ягорг ца хилар бахьанца йисина боху иза. Бахархойн шеко ю, шаьш дехаш долу цIенош дуоха а дина, цу меттехь, Iедалшца уьйранаш йолчу цхьана совдегархочуьнна и меттиг тайна, цу тIехь цхьаъ ян волу аьлла. Иза ишшта дуй, къасто аьтто бац, амма, ши шо хьалха, Iедалш кхоччуш тадина хилла ду и цIенош, чуьра а, тIера а мел долу хIума хуьйцуш. Иза дийцира цигарчу яхархочо Богатырева Лилияс.

Богатырева Лилия: « Ши шо хьалха, тIера тхоьвнаш а хийцина хIума дира. Оха ала а элира цаьрга, и цIенош «Тишъелла гIишло» олучу программи юккъе дахана ду. Тхов а, кораш а, лабанаш а хийцина, дIабахара уьш, шаьш кхоччуш тадийна цIа аьлла.

ХIинца, цхьа цIа дуохийна. Тхоьга кIошта куьйгалхочо аьллера, ша Евкурован цIарах дехар яздийра ду, шу ханна керлачу хIусамаш чу дахча, кхиндолу цIенош дича, цу чуьра петарш лура ю аьлла. Ткъа, мехка куьйгалхочуьнга и дехар дIало аьлча, ша куьг таIора дац боху цо. Ишшта, хIаваъехь льатташ ду-кх тхан гIуллакх. Арахь хIумш а ют хан. Кегий бераш а ду. Ши буьйса кху арахь яьккхина оха».

Сипсо-гIалийн администрацера комментарии эцар гIуллакх ца хилира. Цига телефон тоьхча, церан векло, доцца элира.

Сипсо-гIалийн администрацийн векал: «КIоштан администрацехь, гIишлошъяран дакъ ду хьуна. Цаьрга алийта,соьгахь яц, цхьа а комментари».

Бакъонаш йохйиначу нехан агIонехь лаьттачу адвоката Накастхоев Iисас, терго йо, гуш лаьтташехь низамаш а дуохош, республика куьйгалхочуьнна цIе а йогIуш, хьошуш ю, бахархойн бакъонаш. Маршо радиога ишшта элира цо.

Накастахоев Iиса: «Кхеле шаьш бахча, шаьш тулура боцийла а хууш, тхоьга паччахьо аьлла хIара цIенош дуохаде, боху цара. Собар де, кхело сацам баллалц, цигахь эра ма ду, тхо ду, ян шу ду харц, аьлча, тхуна кхел а ца хаа, тхоьга паччахьо аьлла уьш дохаде, боху цара. Кхело куьг дIа ма тоха, аьлла сацам бина бу шуна, аьлча а , полицино, тхуна хIумма а ца хаа, тхан куьйгалхочо даха а гIой, дIадохаде и цIенош аьлла».

Ишттачу гIуллакхашкахь, даиманна ма хиллар, дукха тIех сов жигаралла гойтучу нахана кхерамаш а туьйсу. Адвоката Накастахоев Iисас, шена цу тайпа Iаткъам беш болун дела, ша гIонна кхечу регионера оьрсий къомах волу адвокат валийна и гIуллакх дIадахь.

Накастхоев Iиса: Маса тоьпаш буйнахь а йолуш, трактораш тIе а лаьхкина. ЦIенош дохадира. Ас сайн кхерамазалл ларъярхьам, кхин цхьа адвокат валийна хIокху гIуллакхан юккъе. Полицера берш хоьттуш бар, мичахь ву хаий шуна и оьрсий,бохуш».

Тамаш бу, мел чIогIа доьхьало йича а, Iедалшца къовсабелла болу бахархоша толам баккхахь. Дукха хан йоцуш, Несар-гIалана юккъахь нехан долахь туьканаш йолу керт, цу чуьра хIумма а схьа а ца оьцуьйтуш, хьаьшна дIаяьккхира трактораш. Уьш а, Iедалан цIарах яьхкина хилла.
XS
SM
MD
LG