ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIеяххана спортхо, таэквондохь Австрин чемпион волу нохчийн мухIажар Оьрсийчу дIавала гIерта Австрин Iедалхой


Урдунера суртдиллархочуьн Везашан сурт - иллюстрацин маьIнехь
Урдунера суртдиллархочуьн Везашан сурт - иллюстрацин маьIнехь

20 шо долу нохчи спортхо Сугаипов Юнади 2012 шеран Австрин чемпион ву, таэквондо латарехь. Ша вехачу гIалахь дика цIе йоккхуш а, вевзаш а ву къона спортхо, берашна латар хьоьхуш хиларна а, царна тоьлла масала даларна а. Амма и дерриге а тергал ца дина иза Австрера араваккха сацам бинчу меттигерчу Iедалша. Бакъду, шайна дукхавезавелла волчу спортхочуьнгахь къовса арабевлла австрихой бу.

Сугаипов Юнади ша кхиаме спортхо хилла ца Iаш, - иза Австрин чемпион ву, - ша вехачу Зальцбург гIалин улллорчу Бад Хофштайн гIалахь ишколера берашна тайквондо Iамош ву. Берашна а, церан дай-наношна вуно дукха везавелла волу къона тренер а, спортхо а Оьрсийчу дIахьажош ву боху коста йоккхачу гIайгIанца тIеийцира меттигерачу бахархоша.

„Персоненкомитет“ яьлла цIе а тиллина, бевзаш болчу журналистех а, адамийн бакъонаш ларяъран жигархойх а лаьтташ йолу цхьа тоба ю хIинца, Сугаипов Юнади Австрера ара ца ваккхийта а, Оьрсийчу дIа ца валийта а къахоьгуш.

2010-чу шеран гIадужу баттахь Австре а веъна, кхузахь политикан тховкIело ехнера хIетахь 17 шо хиллачу Юнадис, шен ненаца а, йиша-вешица а. Амма цуьнан дехарна дацаре жоп деллера меттигерачу Iедалхоша. Даханчу шеран гIура баттахь дуьйна депортаци ян сацам бина къоначу спортхочунна меттигерачу чоьхьарчу министраллин мигранташца йолчу хьукмато.

Сугаипов Юнадин хьашташ векал деш волчу адвоката Мори Герхарда дийцарехь, и кIант Австрехь витийта цуо лехна долу некъаш цкъачунна кхачийна лара мегар ду. Бисинарг цхьа сатийсам бен бац - цунна гуманитаран бахьанашца цигахь виса аьтто бехар. Цу Iалашонца лерина кхоьллина ю и лакхахь хьахийна йолу „Персоненкомитет“ .

Цу комитета юккъе йогIуш ю евзаш йолу журналист Шолль Сюзанне а, дуккхаъчу шерашкахь Австрин коьртачу ОРФ телеканалан цIарах Москохахь белхаш бина а, Нохчийчоьнах лаьцна масех киншка язйина а йолу. Австрерачу Iедалхошна Нохчийчохь доллург ца хаа аьлча, бакъ дац, боху цуо.

Цуьнан тоьшалла ду, масала, Австрин арахьарчу министралло меттигерачу бахархошка Къилбаседа Кавказе а, Нохчийчу а ма эха, цигахь кхерамазалла яц, аьлла, сацам арахецна хилар, боху журналиста. Амма кхерамазалла лоьхуш бевдда баьхкина болу нохчийн мухIажарш хIетте а цига юхахьежабо Iедало, - элира цуо.

Иштта цу комитета декъа ву, Зальцбург гIалахь вевзаш волу юкъараллин жигархо а, тайквондо -латарийн цхьанакхетараллин куьйгалхо а волу Хоьртнагл Андреас а. Хоьртнаглана шена дика вевзаш ву араваккха хьийзош волу къона нохчийн спортхо Сугаипов Юнади.

Дикчу агIор вевзаш а ву. Цуьнан тоьшалла деш цуо элира, ша Iедалшна хьалха дешан да хIутту, и кIант ша вуно дикчу агIор гайтина а, ша вехачу меттигна доккха совгIат а хиларна, иза тоххарехь дика интеграци йина хиларна а, юкъараллийна пайдехь хиларна а, аьлла.

Венехь масех карате клуб а кхоьллина, берашна и Гергарчу Малхбалера спортан кеп хьоьхуш волчу тренера Бисаев Хьаважис дийцира Маршо радионе, ша вуно халахетарца тIеэцна, сел кху махкахь ша дикчу агIор гайтина волу къона спортхо араваккха хьийзош хиларх долу коста, бохуш.

Бисаев Хаважи: „Дика спортхо а волуш, Австрин чемпион а волуш, шена Iеминарг берашна а хьоьхуш, нахана вовза а вевзаш кIант ву иза. ХIинца иза араваккха хьовзор чIогIа новкъа догIуш хIума ду. И саннарг кхузахь, бакъдерг аьлча, нислуш хуьлу – дIанисвелла ваьлла волу стаг, массо а хIума хьеша а деш, хьоккхий аравоккхуш. Кхара ма -баххара интеграци а йина, лелаш стаг хилча тешна а халонга долу иштта дерг. Бакъду, цхьа Делан къинхетамца, цу кIанта ша дикчу агIор гайтина хиларх терра, дуккхаъ нах бу цунна орцах бевлла. Цуо Iамочу берийн дай-наной а бу, евзаш йолу журналист Сюзанне Шолль а ю. Цундела а дикчу агIор иза доьрзур ду, аьлла, сатийсам бу“.

Бакъду, Австрехь виса маршо я цIехьаверза декхар бохучу дуьткъачу тIайх буьйлуш болчу вайнехан мухIажарша юьхьаралоцуш берг, дукхахьолехь, лотереях ловзар санна экама а, кхераме а некъ хуьлуш бу. Церан кхоллам муьлхачу хорше боьрзур бу бохург, доккхачу декъехь, церан гIуллакх толлуш волу кхелахо хIун тайпа адам ду, цуьнан муьлха хьежамаш а, амал а ю бохучух доьзна хуьлу.

Кеста-кеста нисло „Шеко йолчу хьелашкахь закъалтехьа сацам бан богIу“ аьлла йолу дуьненаюкъаран юстицин бакъо, мелхо а, шеко елахь а, яцахь а, закъалтина дуьхьала сацам барехь тудуш. „Ткъа хила дезаш дерг нийса бIостанехь дерг дара“ - бохуш дуьйцу Сугаиповн адвокат волчу Мори Герхарда. - Кхиинчу юкъараллашкахь меттигера бахархой цу бакъонехьа къийса декхарийлахь а бу“, - аьлла, тIе а тухуш.

Сугаипов Юнадин хьокъехь меттигерачу телевизионан журналисташца шен хиллачу къамелехь вевзаш волчу австризойн политикан Iилманийн говзанчано Шмидингер Томаса, Венерачу университетан профессор волчу, билгалдаьккхира, иза дуьххьара нислуш дац, Австрин мигрантийн хьукмато Женеверачу мухIажарех йолчу конвенцин бакъонаш хьоьшуш хилар, аьлла.

Кеманийн чартеран рейсашца дIахьежош бу мухIажарш шаьш бевддачу пачхьалкхашка, уггаре а хьалха Оьрсийчу, - элира цуо. - Дахана шо довш иштта дIахьажийначех шиъ тIепаза вайна ву, оьрсийн полимсхоша кеман бертехь лаца а лаьцна, дIавигина волу“, - аьлла.
XS
SM
MD
LG