ТIекхочийла долу линкаш

Кабулерчу транспортан полицин урхаллин гIишлонна тIелатар динера


ОвхIан мехкан Кабулерчу транспортан полицин урхаллин гIишлонан цхьа дакъа а лоцуш, полицина а, тIеманхошна а юкъахь лаьттина Iотта-баккхам дIабирзина.

ОвхIанхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин когаметто Iабдурахьман Рахьмана хаам бира, оршот Iуьйранна гIишлонна хьалха бала арабевлла хиллачу наха масех эккхийтар а дина, 3 тIеманхо гIишлонна чу ваьллера. Лакха хьалаволу ламеш доха а дина, герз латточу чоьнахь дIалевчкъинера, аьлла.

Масех сохьтехь дIа а, схьа а диттинчу герзех велла кхо тIеманхо. 18 стагана чевнаш хилла. ТIалибаша шайна тIелаьцна тIелатар.
XS
SM
MD
LG