ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан харжамаш бу Израилехь


Хенал хьалха парламентан харжамаш бу Израилехь дIахьуш. Кнессетехь долу 120 гIант къовсуш ю 30 парти. Парламенте чекхвала оьшург мел лаххара а 2 процент ю.

ТIаьххьара динчу хеттаршца парламентера дукхах долу гIанташ хIинцалера премьер-министро Нетаньяху Беньямина куьйгалла дечу «Ликуд» партина кхача тарло. Оцу блокана юкъайогIу Израилан арахьарчу гIуллакхийн министран Либерман Авигдоран парти а.

Ерриг а пачхьалкхехь кхерамазалла ларъеш 20 эзар полисхо а, шайн лаамехь арабевлларш а бу.
Министрийн хIусамца 2013-чу шеран бюджетан хьокъехь барт а ца бабелла, хенал хьалха парламентан харжамаш дIабахьа дийзира Нетаньяхун.
XS
SM
MD
LG