ТIекхочийла долу линкаш

Глобалан экономикан кризисо стамдеш ду болх боцучерийн терахь


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Къинхьегаман агенталло варе дина, глобалан экономикан кризис яхъяларо эвсардоккхур ду белхаш дIабар, аьлла.

Дуьненаюкъарчу Къинхьегаман организацино ша шинарин дийнахь арахецначу рапортехь дийцарехь, 2012-чу шарахь болх боцуш хиллачу 4 миллион стагана тIера 197 (цхьа бIе везткъе вуьрхIийтта) миллионе кхаччалц лакхадаьлла и терахь.
Карарчу шарахь кхин а 5.1 (пхиъий – цхьаъий) миллионна алсамдала тарло иза. 2014-чу шарахь - 3 миллионна.
XS
SM
MD
LG