ТIекхочийла долу линкаш

Иракъехь динчу лелхийтаршкахь 17 стаг велла


Иракъерчу БагIдадехь а, цуьнан йистошкахь а динчу кхаа эккхийтарехь велла, мел лаххара а 17 стаг. Чевнаш йина 50 стагана. Экхийтина кхо машен. Царах цхьаннен хьалха хиина Iаш вала араваьлла стаг хилла.

Иштта, лелхийтарш дина БагIдадана къилбаседехьа йолчу Таджи гIалара тIеман базана уллехь а. Къилбехьа йолчу Махмудийхь а, БагIдадерчу шиIатийн кIоштехь а.

Цкъачунна цхьаммо а шена тIе ца лаьцна и тIелатарш.

Арахьарчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, сунний-иракъхой бу уьш деш берш, дукха хьолахь.
XS
SM
MD
LG