ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла финансийн министр ву ГIалгIайчохь


Финансийн министран даржехь 44 шо долу Аушев Мохьмад-Башир чIагIвина тахана гIалгIайн республикан куьйгалхочо Евкуров Юнусбека.

Цул а хьалха и дарж карахь хилла волу Мальсагов Мурат балхара вохийнера, белхан декхарш ма-оьшшу кхочуш ца дарна а, къинхьегамхошна латта лелон ахчанаш доькъуш харцонаш ярна а.

Соьлж-гIалахь кхиина волчу Аушевс оцу даржехь болх бинера цкъа – 1998-чу шарахь дуьйна 2002-гIа шо кхаччалц.
XS
SM
MD
LG