ТIекхочийла долу линкаш

Чу са даийта совдегаршна - цаьргара яккха хIума ца йисина


Гуьржийчура базар, 27ГIу2012.

Гуьржийчура базар, 27ГIу2012.

Нохчийчохь бизнес лело луучу нахана баккхий аьттонаш бан дагахь ду меттигера Iедалш. Къаьстина, бигалгалъяьккхина цу юккъера, кIезга совдегаралла лелош берш. Цкъачунна, царна новкърлонаш еш болу даржхой совцорна тIера долор ду иза.

Текст:

Тахана, шен бакъонаш йохош ю, даржхоша шегара ахча доьху аьлла, арз дан йиша ю, Нохчийчохь мах лелочу совдегарийн. Оцу гIуллакхан леррина телефон а билгаляьккхина Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташоно.

Iедалан цIийнехь тIаьххьара хиллачу кхеташонехь, дийцаре дира, совдегарийн гонахь кхолладеллачу хьал. Далош долу масалш а, терахьаш а, да воккхавийра волуш дацара. Нохчийчохь дуккха дика хууш дара, совдегархой махкахь муьлхачу хьолехь бу, амма,

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане цуьнах лаьцна хаам хIинций бен кхаьчначух тера дац. Хьал ма дарра довзуьйтуш терахьаш а далийна Нохчийочьнан прокуратуро. Ишшта, дIадаьллачу цхьан 2012 шарахь, махкахь гучудаьккхина 3 эзар ца кхоччуш, совдегарийн бакъонаш йохаяр. Оцу хьокъехь 600 таллам а бина прокурораш. Ткъа, оцу юккъера, хууш дац бехке волу масс стаг жоьпе уозийна.

Оцу кхеташонехь вистхиллачу Нохчийоьнан прокурора Абдулкадыров Шарпуддис хаам бира, махкахь туьканахь цхьа гIалат, я кхин болу кхачамбацар карийча, цу тIе мухар долуш кехат а тухий, Iедалан белхахоша дIакъовлу аьлла. –Иза цхьанна а агIора догIуш хIума дац,- элира цо.

ХIинцачул тIаьхь, совдегаршна болх беш я царна кехаташ кечдарца новкъарлонаш йина болу куьйгалхой жоьпе уозийна а ца Iаш, уьш юьхь-Iаьржа а хIиттош хIума дийр ду ша аьлла, дIакхайкхира республикан куьйгалхочо. Иза, гарехь чIогIа цецваьлла вара, кхолалделлачу хьолах.

-Туька а йиллина, цу чохь болх бечу стагера йоккхуш ю массара а хIума: вина де даздечо а, зудчунна коч эца езачо, стуннанна совгIат дала дезачо а. Ткъа, вукхо ма боху, шен цхьа жимма хIума мукъне йитийша. Ишшта, ца кхета мехка куьйгалхо, хIун таделла, кегий совдегаралла лелочу нахана, аьттонаш ца бечу кIошташкахь. Цара ял яларо, кхиора ма ю, и меттигаш, аьлла тидам бира цо.

Нохчийчохь, хIокху цхьана шина шарахь, хаза неха санна чолхе даьлла, кегий туьканаш хIотторца долу гIуллакх. Уьш атта хIиттайойтуш а яц. ХIотто даг деанчуьнгара теттина мах боьху. Соьлжа-гIалахь-м, туька хIотто дагдеънехь, хаа ду, Iедалан белхахошна, къайлахь ял лучуьра вера воцийла.

Мовсар цIе йолчу цхьан стаг, ша мичар ву а ца дуьйцуш, хаам бира Маршо радиога, шен сингаттамах лаьцна. Соьлжа-гIалахь, ша вехачу цIийна хьалхахь, жима ларек хIотто дагадеана хилла иза. Оцу гIуллакхан, 50 эзар сом а делла, иза эца а эцна, шен боккха доьзал кхаба, цхьа жимма кепек яьккхалура яра аьлла дог тешначу цуьнга, 100 эзар дехна болх бан бакъонех.

И ахча шегахь доцун дела, цунна дезна и туька юьрта дIа а яхьан, цигахь дIа а къоьвлина, дIахIотто. ГIалахь, хIора дийнахь аьлча санна, езачу машенаш тIехь, мэрера белхахой богIура и туька болх беш ю-яц хьаж. Оцу меттехь дукха хан ялле, гобаьккхина куьзганаш тIе Iаьржа пардо а латийна, кура лоьмарш йолу машен а еана, цу чуьра шина жичму стага дIахоттаяйтина Мовсар вехачу меттигана уллехь, ши туька.

Ерриге а Оьрсийчохь санна хьал ду тахана Нохчийчохь а. Кхузахь бизнес йолочул, муьлхачу стаган гIоле хета, Iедалан балха ваха. Даржхоша, ахча дукхох доккху таханлерчу заманахь, мел похIма долчу совдегарал. Ткъа, хIинца, шайна дIакхайкхина болу аьттонаш, кхочуш хиларе сатуьйсу Мовсарс а, и санна болчу махлелархоша а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG