ТIекхочийла долу линкаш

Хьан хьекхна Кадыров-ден суртана шекъанаш?


Нохчийчоь - Милцой Соьлж-гIалахь дIахьочу парадехь дакъа лоцуш, 21Сти2012

Нохчийчоь - Милцой Соьлж-гIалахь дIахьочу парадехь дакъа лоцуш, 21Сти2012

Теркйист кIоштан полицин урхаллехь, газета тIехь Кадыров воккхачуьнан цIармата даьккхина сурт карадар бахьанехь, кхо низамхо дIаваьккхина балхара.

Эккхийтар дан биста кхаччаалц, цхьа доккха,ницкъала зулам дан лоьруш хилла нах лецча санна,синтеме дац кху муьрехь Теркйист кIоштан полисхойн урхаллехь. Официалан кхайкхош хIума а доцуш,цигахь балхара вохийна кхо низамхо, изза кхаж бала тарлуш ду кхин а массеханна а.

Бахьана, хьал ца хуучунна тамаше а хеталур долуш, амма меттигерчу вахархочунна кхето хала доцуш ду – полисхойн урхаллехь, гIарол дечу низамхойн стоьла тIехь, газетехь зорба тоьхна, бехдина, цIармата даьккхина Кадыров воккхачуьнан сурт карийна.

Цигахь гIуллакх дечу низамхоша дийцарехь, эрча даьккхина сурт карочу сохьтехь цу урхаллехь гIарол деш мел хилла 15-16 белхо а дIа а хIоттийна, яхье бохуш, доьналле боьхуш, барт-хаттам бича а, цхьаммо а бехк шена тIелаьцна бац, ша ма ву цу зуламна бехке аьлла.

Делахь а даре деш стагга а ца ваьллехь а, цу хиламо новкъарло ца йина чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьаькамашна кхо низамхо - эпсар балхара вохо : Лаха-Неврера шиъий,Iелин-юьртара цхьаIIий. Церан цIерш евзаш елахь а,царна совнаха а сингаттам баларна кхоьруш ца а йохуш юьту ас.

Делахь а билггал низамхойн урхаллехь хилларг хууш волчу цхьана полисхойн белхочу дийцарехь,цунна хетарехь, бинарг тешнабехк бу. «Шайн рожехь дежурствохь-гIароллехь болчара и хIума дойла а яц. Цхьамма ларамаза,ойлане ваьллачохь и саннарг дича а, цара сихонца дIадоккхур дара и газета цу стоьл тIера. Иза цхьамма леррина цу стоьл тIе диллина ду.

Ма-дарра аьлча леррина цхьанга диллийтина ду,ахь и ца дахь мегар дац хьуна аьлла», Ишта къамел до цу хьокъехь шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана полисхочо. Цо и кхетадо хIора а балха дIаоьцуш волчу низамхочуьнга 400-500 эзар токхамаш бойтуш хиларца.Цо чIагIдарца цуьнан барам кхин а лакхара хила а тарло, мукъадаьллачу дарже хьаьжжина. Вуьшта аьлча балха дIаоьцург могIарера низамхо велахь ахчанан цхьа тIегIа-барам бу, ткъа эпсаран дарж кховдош делахь кхин барам бу.

Гуш ма-хиллара, шекъанаш а хьекхна, бехдинарг сурт бен дацахь а, цунах боккха сингаттам баьлла масех низамхочунна, кхин а шинна-кхаанна тIебазбелла а бу, дийцарехь, изза кхерам.

Хуъчара дийцарехь, официалан, сурт бехдина аьлла нисдеш дац уьш балхара дIабахар.
Шайн лаамехь уьш дIабевлларш беш, цаьрга хIоранга а ,бертахьа ,бертаза а кехат дехар яздайтина.

Ала догIу цу кепара низамхой балхара бохор кхузаххьа-м керла муххале а дац, ерриг Оьрсийчохь а цхьа шатайпа ламаст,белхан хатI санна хIума ду. Масаллина аьлча дуккха а ницкъаллин структурийн белхой дIабехира,цу кеппара кехат-рапорташ а яздойтуш, масийтта шо хьалха,Къилба -Хирин чу тIамтIе баха ца лиъна аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG