ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британи: Европан Бартехь йисаран хаттар референдуме даккха воллу Кэмерон Дэвид


Британин премьр-министро Кэмерон Дэвида аьлла, шен Iедал юхахаржахь, ша махкахь референдум дIахьур ю, 2017-гIа шо кхачале Британи Европан Бертан декъашхо кхин дIа а йисарца доьзна хаттар къастон.

РогIера къоман харжамаш 2015-чу шарахь хир бу Британехь. Кэмерона бахарехь, Европан Бартах юкъараллин дог даларан тIегIа гуттар а лекха ю. Оццу хенахь, цо ша тешна ву элира, Британи бертан юкъахь ца хилча а, яхалург хиларх.

Европан Барт хийцабала беза кхиамаш алсам хир болчу агIора. Шайн бахархойн гIртор хир йолу агIо лаха а еза. Европан Бертехь сихха оьшуш йолу реформаш ца хилар ду, ша шайн пачхьалкхехь референдум дIаяхьа лаам болуш хиларан, аьлла британхойн премьер-министро.
Н
емцойн канцлеро Меркел Ангелас дIахьедар дина, Британи «Европан Бертан маьIне а, жигара а декъашхо ган лууш ю ша», аьлла. «Британица цуьнан сагатдеш долу хаттарш дийца кийча ду тхо. Амма дагахь латтон деза, кхечу пачхьалкхийн а изза хаттарш хилар. Цундела компромисс лаха еза», - аьлла билгалдаьккхина Меркела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG