ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь хIинца а цIий Iенарна Шеман оппозици бехке йина Лаврос


Пачхьалкхана чохь дахделла дов дерзон гIертарна новкъарлонаш ярна Шеман оппозици бехке йина оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс.

Москох, кхаарин дийнахь вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь вистхуьлуш, Лавровс элира, Шеман президенте Асад Башаре дарж охьадиллийтарна тIехь лаьттачу оппозицино кIажабухе кхачийна, машар хIоттон агIра меттах дала тарло гIуллакх.

Оппозицино лаьцначу позицех долу жоьпалла Лавровс тIедиллира масех малхбузера а, малхбалера а пачхьалкхана. «Оьрсийчоьно бен ца кхайкхина Шемара оппозици машаран стоьлан тIе», - элира Лавровс. «Шемарчу девнехь цхьа а геополитикан Iалашо йолуш яц Оьрсийчоь, цигара хьал лортIе далор а, шемахойн цIий Iенор сацор а доцург», аьлла тIетуьйхира Лавровс Сергейс.

Оццу хенахь, Оьрсийчоьнан Орцаллин министраллин шина кемано Шемара дIаваха лууш волу 77 стаг цIавалийна. Дийцарехь, и нах шайн лаамехь дIабахана бу. Эвакуаци яц иза.
XS
SM
MD
LG