ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парламентан харжамаш бу Урдунехь


Парламентан харжамаш хилира тахана Урдун махкахь. 150 депутатан мандат къовсуш 1400 кандидат вара.

Урдунан паччахьо Iабдаллас дIахьедар дина, харжамаш – Малхбалера пачхьалкхехь «юьйлаелла Iаьрбийн революцеш йолуш» ши шо хьалха махкахь юьйлаеллачу демократан реформийн коьрта мур бу.

«Бусулба вежарий» партино, кхечу оппозицин тобанаша а бойкот йина харжамашна, хIинцалера харжамийн низамана дуьхьала. Оппозцин хьесапехь, тайпанийн лидершна а, режиман агIончашна а аьтто ло цу низамо толамаш баха. Цул а хьалха Урдунехь хабарш даьржинера ерриг а пачхьалкхехь нехан кхаьжнаш оьцуш бу, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG