ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилехь парламентан харжамашкахь тоьлла Нетаньяхун «Ликуд» парти


Хенал хьалха Израилехь дIабаьхьначу парламентан харжамашкахь цхьа кIеззиг алсам кхаьжнаш а кхаьчна, толам баьккхина Израилан премьер-министро урхалла деш йолчу «Ликуд» партино. Оцу блокана юкъайогIу Израилан арахьарчу гIуллакхийн министран Либерман Авигдоран парти а.

Кнессетехь долчу 120 гIантах цунна 31 гIант кхаьчна. ШолгIачу метте яьлла «Еш Атид» парти. Цунна 19 мандат кхаьчна. Парламентехь 17 гIант кхаьчна йолу Къинхьегаман парти кхоалгIачу меттехь ю.

Парламенте чекхвала оьшург мел лаххара а 2 процент яра. Нетаньяхус дош делла, урхалла деш йолу шуьйра коалици кхолла. Шен коьрта Iалашо – ГIажарийчоь заррат герзана тIе ца кхачийтар ю, элира Израилан премьер-министро.

Министрийн хIусамца 2013-чу шеран бюджетан хьокъехь барт а ца бабелла, хенал хьалха парламентан харжамаш дIабахьа дийзира Нетаньяхун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG