ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британехь къайлаха иммигранташ дIасалелош йолу тобанаш гучуевлла журналисташна. Нохчашца и тайпа тобанаш болх беш йолу дукха хан ю.


Британин а, Европан Бертан а байракхаш
Британин а, Европан Бертан а байракхаш

Британерчу журналисташа бинчу талламаша гайтина, цу махка къайлаха схьабаьхкина болу легала боцу мигранташ иштта къайлаха кхечу Европерачу пачхьалкхашка дIасакхуьйлуш, цу тIехь шайна са йоккхуш тобанаш хилар. Бахьана - цигахь шаьш лоьху аьттонаш ца карош, мигранташ догмовла бевлла хилар ду. Цунах тера ю ала мегар ду Польшера нохчий мухIажарш кхечу Европерачу пачхьалкхашка дIасакхуьйлучу юкъалелачара еш йолу бизнес а.

Мелла а керла лору Британехь тIаьхьарчу хенахь яьржаш йолу иммигранташ вукху, континенталан Европе дIасакхуьйлуш йолчу къайлахчу тобанаша лелош йолу бизнес.

Доллучу дуьнентIера Ингалс - махка, гIолехьа долу дакъа лоьхуш, схьабаьхкина болу легала боцу мигранташ, цу махкара болхбацарца долу хьал а де дийне мел долу тишлуш хиларна, ткъа иштта низамца догIуш ма-хиллара, легалечу хьоле довла шайн аьттонаш а вуно ледар хиларна, шайн ка ма-доллу гIайренна тIера кхечу Европерачу пачхьалкхашка дехьа бовла гIерта. Царна цу тIехь гIо до тайп-тайпанчу криминала тобанаша, къайлахь ахчанех уьш дIасакхуьйлучу.

БиБиСи-н журналисташа бинчу талламашца, цу кеппара къепе доцу белхаш деш массийта а тоба ю Британехь. Цхьа журналист ша Молдавера ведда веана ву, аьлла, зIене ваьллера цу кепарчу „бизнесхошца“. Ткъа цара иза I500 фунт стерлингах Франце дIакхачор шайна тIеэцнера.

И тайпа къайлаха нах дIасакхийлар Британехь хилла ца Iа сане бизнес. Иза шуьйра даьржина ду кхечу Европерачу пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а. Вайн заманахьлера нохчийн Европе долу мухIажаралла доладелча дуьйна схьа, тIаьхьарчу пхийтех шарахь, ур-аттала беккъа цхьа нохчашна тIехь цу кепара мигранташца бизнес ечара мел даьккхина долу рицкъ а тоьар ду.
Тайп-тайпана ду церан некъаш а, ткъа цу некъашка хьаьжжина -мехаш а. Юкъарчу хьесапехь амма масех эзар евро дIадолу мухIажар ваьллачуьн.

Масала, цхьанхьа Европерачу махка официала виза а яьккхина, стаг цига дIакхачор шена тIеоьцуш туристийн фирманаш хуьлу, дукхахьолехь, Москохахь туш тоьхна а йолуш. Тергамхошна хетарехь, церан къайлаха зIенаш ю векалтийн белхахошца. Европерачу пачхьалкхийн векалташа вуьштачу хьелашкахь еллане а ца йоьллуш, я вуно хала йоьллуш йолу нохчочунна виза, цу кепарчу турфирмица иза ваха араваьлла велахь, цхьа а хало а йоцуш, схьало цунна оьшучу ханна.

Бакъду, ишттачу „люксус“ кепара Европе ван араваьллачу мухIажаран ахча а шортта охьадилла деза. Карарчу хенахь цу визийн мах 2500 -3500 эзар евро ю.
Борахох бу аьлла хеташ бу, цкъа хьалха тIехьаьжча, Польшехула Европе валош болу некъ. Амма, дукхахьолехь, иза, мелхо а, безох а нислуш хуьлу, ахчанца хилла а ца Iаш, дог этIарна а, кхерарна, цу йиш йоьхначу нехан балина тIехь саяккха арабевллачу наха хийла царна бечу тешнабехкашна а.

Цуьнан тоьшалла ду карарчу хенахь Германехь ехачу, шен бакъ йолу цIе а ца йоккхуш, шех Мадина ала, аьлла, дехар динчу нохчийн цхьа мухIажаран дийцар а.
Малика: „Тхо цкъа хьалха ГIалгIайчохь гулдала дийзира, цхьа микроавтобус яра тхуна кечйина. Иза юьззина нах а бара дозанал дехьа бовла дагахь арабевлла. Цуьнца тхо Бресте дIадахара. Йигахь юкъалеларг хIинций-хIинций схьакхочу бохуш, кIира даьккхира оха.

Тхоьца дуьйцучу хенахь, я дозанна тIехь тхо толлур а дац, я тхан пIелгийн лораш а йохур яц, аьлла, дийцинера. Амма Польшин дозанахь совца а дина, массо а хIума теллира тхан, пIелгаш а дIаийцира. Цундела цигахь тховкIело еха дийзира сан а.
Польшехь ас ах шо даьккхира, цигара Германе дехьаяла дагахь, сан гергара нах бара Германехь. Иштта цхьаццанхьа дIабаха Iалашо йолуш Iаш бара йигахь дукхахберш а. Польшехь висса лууш цхьа а вацара“.

И нах дIасакхуьйлуш болу юкъалеларгаш кхин башха цхьаммо а а леха а ца безаш, шаьш мухIажаршна тIе а оьхуш, шайн хьашташ оьший, хоьттуш, лелаш хуьлу, бохуш дуьйцу Маликас кхин дIа а.

Малика: „Цу Польшехь хьо жимма хьевелча, уьш хьайна бевза хьуна. Оьшшучу метте дIавуьгу шаьш, олу цара. Дийна цхьа бизнес ю-кх иза. Цхьаберш, шаьш дIавуьгура ву, олий, нахера ахча схьа а оьций, уьш Iехош лелаш хуьлу.

Франце ваха лаахь, масала, Францин лоьмарш йолуш машен хуьлу цаьргахь, новкъахь Iедалан шеконаш ца хилийта. Германе ваха везахь- немцойн лоьмарш, иштта дIа кхин а. Со Нохчийчохь дозанал аравала бакъо луш долу паспорт а даьккхина, кху некъа араяьлча дуьйна схьа, ГIалгIайчура Белоруссе йоьдуш, цигара Польше йоьдуш, цигара эххар а Германе йоьдуш сан дIадаьлларг 4000 евро хир ду-кх. Оццул зе хилира суна цу новкъахь“.

Нохчийчуьра дуьйна масех доза а хадош, ша эххар а немцойн махка кхача гIерташ динчу некъех лаьцна дийцинарг яра Германехь ехаш йолу Малика.
Малика санна, цу некъийн чакхенехь аьттоне ша лехначу махка а кхаьчна, цигахь тховкIело а карийна, дIатарбелларш дукха бац Нохчийчуьра Европехь керла дахар лоьхучарна юккъехь.

Царех доккха цхьа дакъа шаьш совца лерина ца хиллачу Польшехь буьсу, Iедало пIелгийн лораш яхар бахьана долуш.

„Дублин 2“ олучу бартаца муьлха а мухIажар декхарийлахь ву, ша дуьххара ког левзина йолчу Евробертана юккъейогIучу пачхьалкхахь тховкIело еха а, цигахь саца а. Ткъа дукхахболчу вайн махкахошна и пачхьалкхе Польша хуьлу.
XS
SM
MD
LG