ТIекхочийла долу линкаш

ТIеман командираш, вежарий ГакаевгIар байина Нохчийчохь, боху Кадыровс


Нохчийчохь дIаяьхьначу шуьйра тIеман операцехь 12 тIемало вийна. Байинчарна юкъахь тIеман командираш, вежарий ГакаевгIар бу – Муслим а, Хьусейн а – аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ТIеман тасадаларехь цхьа полисхо а велла. Кхечу хьосташанаца – вийнарг иш полисхо ву. Кхаарин дийнахь тIеман операци хIинца а чекх ялаза ю.

Цкъачунна цхьа а аьтто бац и хаам билггал тIечIагIбан я керстабан.

Хьалхуо Кадыровс дIахьедар динера ГакаевгIар болу меттиг йийнцинчунна 10 миллион сом лур ду, аьлла.

Кадырован эвлана Хоси-юртана 2010-чу шарахь тIелатар динарш ГакаевгIар лоруш бу. ХIетахь 7 стаг вийра, 24 чевнаш йинера.
XS
SM
MD
LG