ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акци дIасалаьллина Азербайджанера Исмаиллы гIалахь


Азербайджанехь, Исмаиллы гIалахь бIаьргех хи туьйсуьйта газ а, ризенкин патармаш а лелийна полицино, Iедалан хьукхаматана хьалха дуьхьалонан акци вовшахтоьхна масех бIе стаг дIасалоллуш.

Меттигерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, оцу хьукхматан куьйгалхочуьнга Алекперов Низамига хьаькаман даржера дIавалар доьхуш бара, акце гулбелла хилла нах.

Яханчу буса Исмаиллехь шуьйра къепедацарш хиллера. «Чираг» олу хьешан цIа а, масех машен а ягийнера. Дуьхьалонан акце арабевллачара дийцарехь, эвхьаза меттиг хиллера цу хьешан цIийнах.

Хьешан цIийнан да, шен бехкаца машен бохаме нисвеллачул тIаьхьа, уллехь нисбеллачу меттигерчу нахе эвхьаза бага леян хIоттар бахьанехь иккхина ду дов. Бехк-такхаман гIуллакх долийна талламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG