ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карзай Хьамидан ваша Махьмуд политикина юкъавоьдуш ву


ОвхIан мехкан президентан Карзай Хьамидан вашас Махьмуда юханехьа дIаделла Iамеркан махкалла, ОвхIанехь политика лелон Iалашонца. И аьлла Маршо радион овхIанхойн сервисе хаам бинчу Махьмуда билгал ца даьккхира, 2014-чу шарахь цигахь хир болчу президентан харжамашкахь дакъа лаца ша дагахь ву-вац, аьлла.

57 шо долу Карзайн ваша – кхиаме совдегар ву. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь иза веха дуккха а хан ю. Цуьнан долахь ресторанаш ю Сан-Францискохь, Бостонехь, Балтиморехь.

Даханчу шарахь хаамийн гIирсаша дийцира, Карзай Махьмуд ОвхIан махкарчу уггар йоккхачех йолчу «Кабул» банкаца доьзначу коррупцин девнах хьакхавелла ву, бохуш. Исс бIе миллион долларна бозбуунчаллаш лелорна бехке йинера и банк. Шега мел кховдийна бехкаш юхатуьйхира хIетахь Карзай Махьмуда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG