ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн ДУМАно дихкина берашна, кхиазхошна юкъахь гомосексуализм яржор


«Гейшна» дуьхьал лоруш долу низаман проект къобалъйина тахана оьрсийн пачхьалкхан ДУМАно хьалхарчу дешарехь. ХIинца а дикка кечдаза лоручу оцу низаман Iалашо, берашна а, кхиазхошна юкъахь гомосексуализм яржор дехкар ю. Проектана гIортор йина 388 депутато. Цхьаъ дуьхьала хилла.

«Гейшна» дуьхьал лору низаман проект юьйцучу хенахь ДУМин гIишлонна уллехь гулбеллера реза боцурш. Ткъа стаг лаьцна полицино.

Цул сов, депутаташа дийцаре а дина, шолгIачу, коьртачу дешарехь тIеэцна, юкъара меттигашкахь тонка озорна дуьхьал долу низам а.

ХIокху аьхкенан хьалхарчу дийнахь дуьйна дихкина хир ду тонка озар дешаран а, могушаллин, културан а, спортан а, Iедалийн хьукхматийн а гIишлошкахь; гIалин, гIалин йистошка а йоьдучу транспорта тIехь а.
Тонка оза магош ду леррина билгалъяьхначу меттигашкахь.

Кхин а цхьа шо даьлча, 2014-чу шарахь дуьйна гена боьлхучу цIерпошна тIехь а, йохка-эцаран а, хIума кхоллу а меттигашкахь мегар дац тонка оза.
XS
SM
MD
LG