ТIекхочийла долу линкаш

Революцин ши шо кхачар билгалдаьккхира Мисар-пачхьалкхехь


Мисарарчу керлачу Iедалан агIончий а, цунна дуьхьал берш а гулбеллера КъихIирерчу ТахIрир майданахь революци иккхина ши шо кхачар билгалдаккха. Ши шо хьалха цу махкахь карчийра 30 шо сов хан мехкан урхаллехь лаьттина Хосни Мубарак.

Оппозицин политик волчу Барадай Мухьаммада кхайкхам бира «Мисар пачхьалкхан мел йолчу меттигехь арадовлар доьху аса, революци чекхяла езаш юй гайта», аьлла.
Мисаран керлачу президентан Мурси Мохьаммедан агIончашна а, полицина юкъахь дар-дацар иккхира пIераскан Iуьйранна КъахIирерчу ТахIрир майданахь. Полицино бIаьргех хи туьйсуьйту газ лелийра, митинге гулбелларш шайна тIе тIулгаш лестон буьйлабелча.

Мурсина дуьхьал болчара кхайкхамаш бира, дуьхьалонан акцеш кхин дIа а дIаяхьа еза. Мурси а, цуьнан «Бусулба вежарийн» боламерчу наха а 2011-чу шеран гIаттаман Iалашонашна тешнабехк бина, аьлла.
XS
SM
MD
LG