ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура машенийн некъаш кхераме ду массарна а


Даханчу шарахь Оьрсийчура некъашкахь 28 эзар стаг велла – и тайпа жамIаш довзийтина Пачхьалкхан некъийн кхерамазаллин инспекцино. Ткъа чевнаш хиллачу машенлелорхойн а, некъахойн а, гIаш хиллачерийн а терахь шина бIе кхузткъе итт эзарне кхочу.

ХIора итталгIа некъан бохамехь лазийна кхиазхо. Ша берриш а, Оьрсийчура некъашкахь беллачу кхиазхойн терахь – исс бIене шовзткъе иттанне кхочу.

Инспекци къера хилира, некъан бохамаш а, цигахь зе хилларш а алсамбовлуш хиларна. Ткъа, некъашкара хьал нисдан лерина хилла къоман программа, кхиамза эшна элира цу инспекцино, пIераскан дийнахь гIарадаьхначу терахьашкахь.
XS
SM
MD
LG