ТIекхочийла долу линкаш

Орца доьху оьрсийн набахтешкара нохчийн тутмакхаша


Нухажиев Нурди, Нохчийчоьнан омбудсмен

Нухажиев Нурди, Нохчийчоьнан омбудсмен

Нохчийн тутмакхаш, хууш ма хиллара, Оьрсийчоь мел ю, маьI-маьIIерачу регионашкахь йолчу набахтешкахь латтош бу. Долчу тоьшалшца, уьш вуочу хьелашкахь а бу. Нохчийн тутмакхийн амал кагъян гIоьртина ца Iаш, царна, шай хуьлчу агIора, хала хьелаш латтадо набахтийн куьйгалло.

Ханты-Мансийн кIоштерачу Югра олучу меттехь набахтехь чохь воллучу Ушаев Хьамзата дукха хан йоцуш арз дина нохчийн бакъонашларъярхошка, шен могашаллина набахтехь терго еш яц аьлла. И тутмакх, цомгуш хилар, лоьрийн дукхачу талламаша къастина, иза дарбан хIусаме вахь а виллина, юха цигара хеналла хаьлха аравалийта везаш волшехь, иза ца хуучу бахьанашца деш дац набахтийн куьйгалло.

Оцу хIуманна тIе тидам бахийтар доьхуш, Оьрсийчоьнан бехктакхаман системан урхаллан куьйгалхочуьнна Корниенко Геннадийн цIарах дIахьедар дина, Нохчийчохь долчу адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис. Маршо радиога цо ишшта дийцира.

Нухажиев Нурди: «Оха и санна долу хIума тахана дийцина Iаш дац. Иза оха деш долу дукха хан ю. Адамна, чувоьллина хилча а , иза маьрша хилча а, уггаре а оьшуш ерг могашалла ю. Лоьраш, цигахь да ма дезза, Iуналла деш ца хуьлу цигахь. Оьрсийчоьнана набахтешкахь, адам туодан а, иза хийца а, Iалашо йолуш деш хIума дац. Адама хIаллак деш, иза човхдеш, система ю иза. Иза цамгар ю кхетта».

Нохчийн омбудсменан шеко ю, набахтехь цомгуш хиллачу тутмакхашна, цигахь болх бечу лоьраш дарба дахь. Уьш, набахтийн куьйга кIелахь бу, цундела, цара де аьлларг дийра ду, боху цо.

Нухажиев Нурди: «Лоьрашка гIо далура дац. Цара иза дийра а дац. Лоьрийн система, оцу набахтийн хьаькамийн куьйга кIелахь ю. Иза дIа а яьккхина, иза кхечу пачхьалкхашкахь санна йозуш йоцуш е! Лоьраш церан куьйга кIелхь хила безаш бац. Иза оха боху дукха хан ю. Ишшта мел ду, йолу цамгар ю а эра дац. Нагахь санна, цу чохь валар хиллехь, иза стенах велла, а эра ждац, хIунда аьлча, иза царна шайна доьхьал дера жду. Иза ша дерг, цхьа уьйриг а хилла дIалаьтташ ду-кх».

Оьрсийчохь йолчу набахтешкахь долу хьал, къаьстина ночхашна чIогIа хал ду, ла, царна массо а агIорар Iаткъам хуьлуш болун дела, аьлла дийцира, ша а, чувоьллина, набахтешкахь, дуккха а шераш даьккхинчу меттигерачу вахархочо. Шен цIе яьккха а лууш вац иза.

Хилла волу нохчийн тутмакх: «Кхуза цIера цигахь чувоьллина стаг, оьгIазе а воцуш ара ца волийла, суна сайца дуьстича а хета. Цига дIакхаьчначу стаган, иза маьрша ца хилар сов, массу а агIора, холчох латтош бу. Суна ц ахзаа. Наха ла муха ловш ду иза. Цхьана Делан къинхетамца, арабовлуш хира бун ах.

Оцу лаьцначу нахаца а бала бу цуьнан, юха набахтийн администрацийца а бала бу цуьнан. Кхузза бала токхуш бу кхуза вай цIера дIабахана болу нах. Массу а агIорар телха уьш. Суна сайна гина иза. Чохь йоккху хан вай цIахь яьккха, цхаь меттиг нислура яц теша?».

Оьрсийчоьнан набахтешкахь чохь латточу нохчийн тутмакхийн хьелашна терго даиманна латтош ю, нохчийн бакъонашларъярхоша. Шаьш хийлуза, кехаташ а, аьрзанаш а до пачхьалкха бекхтакхаман урхаллан куьйгалле. Цхьацца хIумш дало шайга, амма, дерриге а хьал хийцалуш дац, аьлла тидам бира Нухажиев Нурдис.

Нухажиев Нурди: «Жоп а ло. Дуккха а хIумш, вайх лаьцна хьакхалуш дерг, цара кхочуш деш меттигаш а ю. Амма, дерриге а хьал, вай аьлча, иза хийцалуш дац. Царна тIехь Iуналла деш Прокуратура ю. Ткъа, иза шен агIора, кхелехь адаман тIекхойкхуш ерг ю, цунна хан тухуьйтуш.

ТIаккха, муха ларйийра ю цо, шай кхелехь оццула хан а кхайкхина чу воллийтинчу стеган бакъонаш? Цундела, и хьал кхечу, Европерчу набахтешкахь санна дIа ца хIоттадахь, кIохцал дахана меттиган дарб дар санна хуьлу, ткъа, дерриге а хьал туолура дац».

Нухажиев Нурди агIонча ву, Оьрсийчоьнан бекхтакхаман система хийца езаш хиларна. Европерачу набахтех масалла эца дезаш ду, аьлла хета цунна. Оьрсийчоьхь санна, чу воьллина волу стаг массо а агIора вахьтеIош, дуьненахь дукха меттигаш яц аьлла тидам бира цо.

Нухажиев Нурди: « Тутмакхаш ларбеш царна тIехьожуш берш, уьш эскархой бу. Уьш хила безаш бац. Кхечанахь санна, психологаш, педагогаш хила беза. Арара го, эскархоша латто беза. Чохь болу хьаькамаш маьрша нах хила безаш бу. «Гражданин начальник» олуш вистхуьлуш, оьрсийчоьнан набахтешкахь бен дац. Европерачу набахтешкахь цIе яьккха а, вистхила а йиша ю».

Къоман билгалонца болу ца безам, арахь хилла а ца Iаш, Оьрсийчохь набахтешкахь а баьржина. Чохь баьхкинчу наха дийцарехь, шаьш санна болчу оьрсийн тутмакхашца кхин башха бала а ца хуьлура, амма, цхьа омра долуш санна, тIехьожуш болу салтий а, церан куьйгалло а, ма хуьллу Iаткъам бан гIерташ, нохчийн къар бан гIерташ хIума леладо.

Дийцина ца валлал, доккха масал дар, Зубайраев Зубайрс ша набахтера аравалле, хьегна болу бала. Могуш а, маьрша, хилла волу и жима стаг, заьIапхо а вина аравалийтинера, иза шайна къера ца хилла аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG