ТIекхочийла долу линкаш

«Дош» журнал ца дохкуьйту ГIалгIайчохь



Журналан коьрта редакотран когаметта волчу Дудуев Iабдуллас чIагIдарехь, «Дош» журналан тIаьххьара масех арахецар схьадаьккхина. ГIалгIайн куьйгалхочуьн хьехамчо Цечоев Беслана а, журнал духкуш йолчу «Магас» аэропортан хьаькамо Евлоев Вахас а бахарехь, аьттехьа а бакъ дац иза.

2012-чу шарахь тIаьххьара арахецар «Нах тIепаза бовш бу кхин дIа а» бохучу материалца долалуш дара. ГIалгIайчохь цхьана шарахь тIепаза байначу нахах лаьцна яра иза. Оццу шарахь арахецначу журналан шолгIачу номеро дийцинера ГIалгIайчоьнан республикан куьйгалхочуьнга болу къоман тешам лахбаларх лаьцна.

«Шайн хеттарийн жамIашна реза боцчу Евкурон гуоно шайга и хетарш юхаде аьллера, шайна оьшу терахьаш гайтархьамма», - бохуш дийцина Дудуев Iабдуллас «Кавказан шад» олучу хаамийн агенталле. Шайга цхьаммо леррина яйтина ю и материал аьлла, Евкуров Юнусбекан хьехар кхочушдеш, гIуллакх суьде даккха а хьаьжнера цуьнан зорбанан-сервис, аьлла Дудуевс. Оццу хенахь, Евкурован зорбан-сервсисо, шен ма-хуьллу, керстадо иза.

Несар-гIалин, МалгIбекан, «Магас» аэропортера а зорбанан киоскашкахь эца йиш ю «Дош».

«Дош» журнал 2003-чу шарахь дуьйна арахеца долийна ду. Юьхьанцара, дозуш доцуш нохчийн журнал дара иза. 2008-чу шарахь дуьйна Кавказан хилла.
Маситтаза а дуьнанаюкъара совгIаташ луш, оцу кIоштахь арадолуш долу, дозуш доцу журнал ду иза.
XS
SM
MD
LG