ТIекхочийла долу линкаш

21 стагана вен кхел кхайкхийна Мисаран Кхело


Мисарерчу Кхело велла дIаваллалц набахтешкахь яха хенаш кхайкхийна 21 стагана. Уьш бехке беш бара, стохка Порт-Саидера стадионехь 74 стаг вуьйш хиллачу къепедацаршна. Кхин 52 стеган гIуллакх Зазадоккхучу баттахь къастор ду.

Оццу хенахь, шайн гергарчарна байа кхел кхайкхорна дуьхьала митинге арабевллачу нехан полицица Iота-баккхам хиллачул тIаьхьа, Суэцан урамашка эскархой а, танкаш а яьхна Мисаран эскаро. ТIаьххьарчу хьесапца велларг 22 стаг ву. 20 - демонстранташна юкъара, ши полисхо а. 200 стагана чевнаш йина.

Мисаран президенто Мурси Мухьаммеда Twitter чуьран шен аккаунт тIехь кхайкам бина «шайн ойланаш маьршачу амалехь йовзийтахьара», аьлла.
Пачхьалкх массо а яккхий гIаланашкахь ю дIахьош дуьхьалонан акцеш.

30 сов шерашкахь Мисаран урхаллехь Мубарак Хьосни а, цуьнан режим а йохийна ши шо кхачар билгалдоккхуш юьйлаелла ю рогIера протесташ. Урамашка арабевллачу наха Мурси а, цуьнан «Бусулба вежарий» а бехке бо, шаьш дийр ду аьлларг кхочуш ца дарна. Мисаран къилбаседа-малхбалехь йолчу портан гIалахь Суэцехь хилла уггар къиза тасадаларш. ПIераскан дийнахь 8, 30 шераш кхачаза болу божарий белла цигахь, шайна кхеттачу герзех.

Цхьайолчу провинцешкахь акцин декъашхоша меттигера Iедалан хьукхаматашна а, исламистийн офисшна а тIелатарш дина. ДIакъевлина машений а, аьчкан а некъаш.
«Бусулба вежарий» олучу политикан боламан КъахIирехь а, Даманхурехь а йолчу векаллашна тIелатарш дина. Мурси Мухьаммед схьаваьллачу Шаркия провинцехь аьтто баьлла, иза Iийначу меттигана дан кечдинчу тIелатарна дуьхьало ян.

Шен махкахь долу къепедацаршка хьаьжна доцуш, Эфиопе воьдуш ву мисархойн президент. Аддис-Абебехь кIиран дийнахь Африкан бертан саммитехь дакъа лаца дагахь ву Мурси
XS
SM
MD
LG