ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакох дуьхьалонан митинг ю Исмаиллехь арабевллачарна гIортор еш


БIеннаш нах арабевлла Азербайджанера коьрта гIалахь Бакох, Исмаиллы гIалахь дуьхьалонан гуламе арабевллачарна гIортор еш. Маршо радион азербайджанхойн сервисо бечу хаамца оцу акцин 50 декъашхо лаьцна полицино. Царна юкъахь ву вевзаш волу блоггер Милли Эмин, адамийн бакъонашларъярхо Насибова Малахат, талламан журналист Исмаилова Хадиджа а.

Исмаиллехь реза ца хилар гайта арабевлла хиллачу нахана дуьхьал ницкъ баккхар емалдеш, къона жигархоша вовшахтоьхна бара Бакохара гулам.
Дечкен беттан 24-чу дийнахь полицино нах дIасалахка онда хи туху гIирс а, хи туьйсуьйту газа а лелийнера Исмаиллехь. Акцин декъашхоша Iедална тIедиллинера меттигера хьаьким хийцар а, акци йоьдуч хенахь лаьцна иттаннаш лаьцна нах дIахецар а.
XS
SM
MD
LG