ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто дийцаршка кхайкхина ГIажарийчоьне


Кху денентIерчу уггаре а таро йолчу 6 пачхьалкхо тIебогIучу Чиллан-баттахь дийцарш дIадахьаре кхайкхина ГIажарийчоь, цуьнан зарратан программа бахьана долуш. Цунах лаьцна Брюсселехь Оршотан дийнахь хаам бина Евробертан арахьарчу политикехула долчу декъан векло Манн Михаэла.

Цо дийцарехь, ГIажарийчоьно дIатеттина кху беттан 28-чу а, 29-чу а деношкахь Истанбулехь дагадовларш дIадахьа дезар аьлла, шега дина долу цу тайппа дехар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан пхеа пачхьалкхо а, Германино а дакъа а лоцуш, тIаьххьара ГIажарийчоьнан зарратан программех лаьцна долу дийцарш хилира Москох даханчу шарахь Мангал-баттахь. Амма уьш дIадирзира, цхьа а жамI а доцуш.
XS
SM
MD
LG