ТIекхочийла долу линкаш

Познерна къинтIера бевлла Оьрсийчоьнан Думан депутаташ


Тележурналисто Познер Владимира шена къинтIера баьхна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан декъашхой. И бахьана долуш, депутаташ реза хилла кхечу пачхьалкхийн паспорташ долчу журналисташна пачхьалкхан телеканалашкахь болх бар доьхкуш долчу низаман проект, йийцаре а ца еш, йита.

Цунах лаьцна хаам бина РИА «Новости» олучу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн агенталло. Стохка ГIуран-баттахь шен программехь Познер Владимира, боберийн низаманна комментари еш, «госдура» аьллера Пачхьалкхан Думех. Шегара ларамаза и дош даларна къинтIера баьхна журналисто шена оьгIазбахана депутаташ.
XS
SM
MD
LG