ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасадаларш хилла Даккехь


Мел лаххара а 50 стаг лазийна Оршот дийнахь Бангладешан коьртачу гIалахь Даккехь, демонстаранташ а, полицин белхахой а тасабалар бахьана долуш. Эзарнаш «Джамаат-и-Ислами Бангладеш» олучу партин жигархой арабевллера цу гIалахь, шайн 89 шо долу лидер Гулам Азам Iеман зуламаш дина аьлла, Iедалш жоьпе озо гIертарна дуьхьал.

Полицино дIалаьцна 20 стаг. Исламистийн лидерна тIехь еш йолу кхел йоьзна ю цу махкахь 40 шо хьалха хиллачуьнца. Цу хенахь цу махкахь боьдуш тIом бара Бангладеш Пакистанах дIакъаста гIерташ.
XS
SM
MD
LG