ТIекхочийла долу линкаш

Мисара йохарна кхерам бу боху тIеман министро


Карарчу хенахь дIайоьдуш йолу политикан кризис дIа ца ерзахь, Мисар-пачхьалкх йоха мегаш ю аьлла, дIахьедар дина цу мехкан тIеман ницкъийн буьйранчо, тIеман министро Ал-Сиси Абдел Фаттаха.

Инарло дийцарехь, махкахь йолчу политикан а, социалан а, экономикан а проблемаша баккъалла а кхерам бохьу пачхьалкхан кхерамазаллина а, цуьнан цхьааллийна а. Министро цунах лаьцна аьлла тIеман академин курсанташна хьалха вист хуьлуш.

Кху тIаьхьарчу хенахь, президентана Мурси Мухьаммадана дуьхьал хьажийна акциш дIаяхьар бахьана долуш Мисарахь хиллачу къепедацаршкахь вийна 50 сов стаг.
XS
SM
MD
LG