ТIекхочийла долу линкаш

Космосе ракета а хьажийна, ГIажарийчоьно резолюци йохийна аьлла хета Iамеркана


Маймал чохь долу капсула космосе а яхийтина, ГIажарийчоьно йохийна хила мега Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин резолюци аьлла, дIахьедар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа. Цу тайпа комментари йина Оршотан дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векло Нулонд Викторияс.

Цо дийцарехь, ГIажарийчоьно йохийна хила мега 1929 номер йолу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан резолюци. Цу документаца а догIуш, ГIажарийчоьнна дихкина ду, баллистикан технологех пайда а оьцуш, зераш дар. Цуьнца цхьаьна Нуланда билгалдаьккхина цкъачунна цхьа а тоьшаллаш цахилар, ТехIрано ракета космосе яхийтаран.

Оршотан дийнахь ГIажарийчоьнан Iедалша дIахьедар дира, шаьш космосе хецна йолу капсула, 120 километр лакхене а кхаьчна, юха еана аьлла. Цу чохь хилла маймал дийна дисина аьлла, хаам бина ТIехIранан векалша.
XS
SM
MD
LG